Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло иштта элира соьга: «Ижуна тІехь гІигІ деш лаьтта къона лом санна ву Со. Масийтта Іу цунна дуьхьал валархьама кхайкхича а, и лом церан маьхьарех ца къехка, церан гІовгІанех кхера а ца ло. Иштта массо а ницкъийн Веза Эла волу Со а хир ву, Цийон-лома а, цуьнан гунна а дуьхьал тІом бархьама Со охьавоьссича. Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе. Уьш Везачу Элана тІаьхьахІуьттур бу. Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду. ТІаккха, сих а луш, богІур бу Цунна тІе малхбузера кІентий. Іамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТІаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу». Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду.
Выбор основного перевода