Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз. Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.
Выбор основного перевода