Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Халкъаш вовшашна тІелетара, гІаланаш вовшашна тІегІертара, хІунда аьлча Дала, массо а тайпана бохамаш тІе а бахкийтина, адамаш гІайгІане хьийзара. «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тІаккха ваша веших а, доттагІа доттагІчух а, гІала гІаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю. Нахах ларлолаш, цара кхеле дІалур ду шу, шайн гуламан цІенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна. Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. Оццу хенахь ХІарод-паччахь Іийсах тешачийн тобанна таІзар дан волавелира, царах цхьаберш дІа а лецийтира цо. Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо. Жуьгташна и гІуллакх хазахетийла хиъча, Кипа а дІалацийтира цо. (Иза хилира совсазчу баьпкан дезачу дийнахь.) Кипа, схьа а лаьцна, набахти чу воьллира. Иза ларван тІемалойн йиъ тоба хІоттийра, хІора тобанехь виъ стаг а волуш. Пасахьан деза де чекхдаьлча Кипа халкъан кхелана хьалха хІотто дагахь вара ХІарод. Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахІалан гІуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву. Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана.
Выбор основного перевода