Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. Дагахь латтаделаш шайна иза, хІунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш. Шаьш гуламан цІа чу, я хьаькамашна, я Іедална тІе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а, Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Іамор ду шуна». Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогІалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.
Выбор основного перевода