Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гІенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хІуманаш довзийтахь, ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тІаьхьа а хІуьттур ду вай, царна гІуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. ТІаккха Іийсас цу стаге элира: «Я тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш, я Іаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох». Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тІе цІе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха.
Выбор основного перевода