Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». Цуьнан эскархоша Делан цІа а, керт а бехйийр ю. ХІора дийнахь сагІа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хІума а дІахІоттор ю цо, цунна Іибадат а дойтуш. Ткъа ахьа, Даниала, хІара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тІеяллалц кху тептарна мухІар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тІаккха хаарш алсамдевр ду». Дукхахберш цІанлур бу, кІайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Іесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу. СагІа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хІума дІахІоттийначул тІаьхьа цхьа эзар ши бІе дезткъе итт де дер ду. «Дела» аьлла, цІе йоккхучу а, адамаша Іибадат дечу а массо а хІуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цІа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. Дела а, Делан цІе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Іеса къамелаш дан долийра цо. ШолгІачу экхано вукху экханна хьалха Іаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Іехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тІедуьллура, туьрах Іожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тІедиллийтар. ШолгІачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хІора оцу экханан суьртана хьалха Іибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. ШолгІачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цІеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргІат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тІе я хьаьжа тІе мухІар таІор тІедиллира. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира.
Выбор основного перевода