Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагІоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тІера чудужу гІа санна а, инжиран дитта тІера маргІалдоьлла гІа санна а, чудужур ду. Хьо дІабайича, Ас стигалш а дІакъовлур ю, седарчий а кхолуьйтур ду, мархашца малх а дІакъовлур бу, батто а шен серло лур яц. Стигалара массо а серло луш йолу хІума Ас дІакъовлур ю, тІаккха дерриг а хьан лаьтта тІехь бода хІуттур бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дІайолу. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. Малх а, бутт а кхоьлина бу. Седарчийн лепар а дІадайна ду. И де – оьгІазаллин де ду, гІайгІанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Іаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де, Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира. ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира. Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дІа а хьаьрчина, дІахьулъелира. ХІора лам а, гІайре а меттахъяьккхира. ДоьалгІачу малико а турба лекхира. Цул тІаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгІа дакъа дІахьулделира. Цундела церан кхоалгІа дакъош кхоьлина дІахІиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгІа дакъа, серло ца луш а хилла, дІахІоьттира.
Выбор основного перевода