Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Юкъ а ехкий, гуттар а гІуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хІусамда цІа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХІусамдас, цІа а веана, неІ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дІаелла кийчча хир бу уьш. Декъала бу, хІусамда цІа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тІе а дахьаш, царна гІуллакх дийр ду. Декъала бу, шена гІуллакх дан кийча а болуш, хІусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тІехъяьлча иза цІа веача а. Амма хаалаш, нагахь санна хІусамдена къу маца вогІур ву хууш хиллехь, цо шен цІа чохь къола дойтур дацара. Шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву».
Выбор основного перевода