Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло. Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тІедахкар эрна ца хилар. Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гІалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гІиртира. ХІунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гІертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хІилла дар.
Выбор основного перевода