Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. «Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу. ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду». Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. ТІаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“. ХІунда аьлча вайх хІора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегІ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргІат адамаш делахь а, вайга хІоранга а цхьана Синах малийтина дара.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода