Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цІарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цІарах дІа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цІарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла. Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Ткъа Іийсас чІогІа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш. Іийсас чІогІа тІедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоІана яа хІума ло», – элира Цо цаьрга. Іийсас чІогІа тІедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чІогІа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна. ТІаккха Іийсас и стаг цІа вахийтира: «Юьрта чу ма гІолахь», – олуш. ПахІална а, тхуна а тІаьхьа а йогІуш, мохь беттара цу йоІа: «ХІара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КІелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хІорш!» – бохуш. Цо хІора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахІала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Іийсан олаллин цІарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоІанна чуьра араделира. Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Іийса а къобалво, ПахІал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода