Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Іийса. Ткъа Іийсас чІогІа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш. Іийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тІехь лаьттачу ГІарас цІе йолчу меттиге веара. Иза хинкеманна тІера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дІабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Оцу хьехаш чохь Іаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зІенашца а дІа ца вехкалора иза, хІунда аьлча мосуьйттазза а зІенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара. Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чІогІа мохь а хьоькхуш, тІулгех ветталуш лелара иза. Геннара Іийса вогІу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна, чІогІа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хІун оьшу соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» Ткъа Іийсас хІетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла. ТІаккха Іийсас хаьттира жине: «ХІун ю хьан цІе?» – бохуш. Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хІунда аьлча тхо дуккха а ду». Оцу жинаша чІогІа дехар дира Іийсага, шаьш оцу махкара дІа ма довлийтахьара аьлла. Циггахь лам тІехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша Іийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла. Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тІера хи чу а лилхина, Іоман буха яхара. Іуй, бевдда дІа а бахана, гІалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хІун ду те аьлла. Іийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тІе хІума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира. И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна. ТІаккха цигара бахархоша дийхира Іийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дІагІахьара Хьо аьлла. Іийса хинкеман тІе волуш, жинех паргІатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга. Амма Іийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦІа а гІой, хьайн цІерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а». Оцу стага, дІа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Іийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура. И меттиг а йитина, Цора олучу гІалин юххерчу меттигашка вахара Іийса. Ша цІа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Іийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан. Харцжинаша йоІ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Іийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда. Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чІогІа дехар дира Іийсага, шен йоІана чуьра жин арадаккхахьара аьлла. Іийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хІунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жІаьлешна тасар». Амма зудчо жоп делира Іийсага: «Эла, ур-атталла жІаьлеша а ма доу стоьла кІел бераша эгийна цуьргаш». ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цІа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоІана чуьра». Ша цІа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Іаш карийра зудчунна шен йоІ. Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кІант валийна аса Хьуна тІе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво. И жин тІе а кхоссалой, и кІант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хІуттий, цергаш а хьекхош, Іада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели». ТІаккха Іийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тІе». КІант Іийсана тІе валийра. Іийса гича, жино кІантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дІахІоьттира. ТІаккха Іийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?» «Беран хенахь дуьйна», – элира дас. «Дукхазза а жино цІерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хІуъа а цхьа хІума далур делахь, тхох къинхетам бай, гІо дехьа тхуна». Іийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна». КІентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гІо дехьа суна!» Шайна сихха тІейогІуш йолу адамийн тоба а гина, Іийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хІокхунна чу ма дола!» – аьлла. Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кІентан пхенаш чІогІа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КІант, велча санна, Іуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла». Ткъа Іийсас, кІентан куьг а лаьцна, цунна хьалагІатта гІо дира. Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Іийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. Уьш кхин дІа а Ярушалайме дІабахара. Іийса хьалхаваьлла вогІура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тІаьхьа хІиттина боьлхура. Іийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна:
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода