Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ткъа цу тІехь долу и томмагІа баьццарчу я цІечу басахь хилахь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза. «Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тІедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цІанван везачу хенахь иза динан дена тІевалор ву, ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь, динан дас омра лур ду, цІанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла. Кхийрачу пхьегІи тІе а лаьцна, шовданан хина тІехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас. Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу Іуттур ду динан дас. Юха цамгарх цІанвечу стагана тІе ворхІазза цІийн тІадамаш тухур ду цо. Цул тІаьхьа, стаг Далла хьалха цІена ву аьлла дІа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дІахоьцур ду динан дас. Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цІанвеллачул тІаьхьа, и стаг Далла хьалха цІена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхІ де доккхур ду цо. ВорхІалгІачу дийнахь ерриг а шен месаш дІайошур ю цо: корта а, маж а, цІоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тІаьхьа Далла хьалха цІена хир ву иза. БорхІалгІачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Іахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Іахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кІен дама а кІен сагІина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. Стаг цІанвеш волчу динан дас цо деанчу совгІаташца гуламан четаран неІ йолчохь Везачу Элана хьалха хІоттор ву иза. Цхьа Іахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гІуда такхаран сагІа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагІа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду. Къинан сагІина а, дийнаташ дагочу сагІина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Іахарна урс хьокхур ду, хІунда аьлча, къинан сагІа санна, къера хиларан долу хІара сагІа динан ден ду. Иза чІогІа деза сагІа ду. ГІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий, цхьажимма схьа а эцна, цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а хьокхур ду динан дас. Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо. Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Іоьттина, аьтту куьйган пІелгаца ворхІазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дІакхуьссур ду динан дас. Куьйга тІехь дисна даьтта цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелга тІе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий хьаькхна ю. Кераюккъехь дисна даьтта цІанвечу стеган коьрта тІе хьокхур ду цо, тІаккха и стаг Везачу Элана хьалха цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Къинан сагІа а даьккхина, цамгарх товина стаг цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тІаьхьа дийнаташ дагоран сагІина дийнат дуьйр ду цо. Дийнат а, кІен сагІа а кхерча тІе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цІанваран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха и стаг Далла хьалха цІена хир ву. Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цІанвархьама гІуда такхаран сагІина цхьа Іахар бало беза цо. Цу Іахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагІа санна. Цул сов, цу стага, кІен сагІина лерина, бархІ кад зайтдаьттанца эдина кІен дама а, ши кад зайтдаьтта а, ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагІина, важа дийнаташ дагоран сагІина лерина хила беза. Ша цІанлучу борхІалгІачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неІарна улло а еана, динан дега дІаяла еза цо и хІуманаш. ГІуда такхаран сагІина беана Іахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна боккхур бу динан дас. Іахар гІуда такхаран сагІина лерина бен а бийна, цуьнан цІий цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелгана тІе а хьокхур ду динан дас. Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо, юха, аьрру куьйга тІера цу даьттана чохь аьтту куьйган пІелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхІазза Везачу Элана хьалха тосур ду. Хьалха ша цІий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелгана тІе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас. Дисина даьтта цІанвечу стеган коьрта тІе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цІанваран Іадат кхочушдархьама. ЦІанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас. Царах цхьа олхазар къинан сагІина а, важа кІен сагІанца дийнаташ дагоран сагІина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Иштта ду ша цІанваран Іадат кхочушдечу хенахь сагІина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тІедиллинарг». Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Іийса.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода