Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. хІунда аьлча цу хенахь Яхьъя хІинца а набахти чу воллаза вара. Шена тІаьхьахІуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тІаьхьахІиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Іийсас ЯхІуд-мохк битира. Ткъа нах хих чекхбахар Іийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора. Іийса, ЯхІуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода