Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хІунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву, Цунна некъ кечбеш, Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода