Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, Іийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хІунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву. Ткъа Іийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хІинца Далла тІевоьдий а. ХІунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а. Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хІинца, юха а хІара дуьне дитина, Дена тІевоьду Со».
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода