Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Цо элира – иза хилира, Цо омра дира – иза дІахІоьттира. Мурдаша самаваьккхина Іийса: «Устаз! Устаз! Вай хІаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гІаьттина, мохе а, тулгІенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дІахІоьттира. «Мила вара Сох куьг Іоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дІаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Іоьттинарг?“» И ши стаг дІаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхІуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хІун дуьйцу оцу хенахь. ТІаккха Яхьъяс элира Іийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цІарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гІиртира тхо». маьхьарий хьаькхира цара: «Іийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
Выбор основного перевода