Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Іадда а дитина, Хьуна тІаьхьа хІиттина-кх тхо. Тхоьга хІун кхочур ду?» Сан дуьхьа шен цІа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бІозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан. ТІаккха, нах а, Шен мурдаш а тІе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. Кхечу стаге Цо элира: «Суна тІаьхьа схьавола!» – аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла». Милла а Суна гІуллакх деш верг Суна тІаьхьахІуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гІуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву». «Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде аша.
Выбор основного перевода