Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дІа а хІоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тІе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гІур дац!» Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“. Ткъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дІахІоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору. Тешар сатуьйсуш долчунна тІехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду. Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара.
Выбор основного перевода