Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бІаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цІена а ву. Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дІаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те? Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. ТІаккха динан коьртачу дас, шена тІера бедарш а этІош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хІун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?» ТІаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало аьлла и Стаг?» Наха жоп делира Іийсана: «Ахьа дина дика гІуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тІулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».
Выбор основного перевода