Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна керла дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна. Шуна чуьра шун тІулган дог дІа а даьккхина, шуна дилханан дог кхуллур ду Аса. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дІадаьлла, хІинца керланиг хилла дІахІоьттина! Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХІунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хиларна тхан йолчу паргІатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама. ХІунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хІума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура. Ткъа хІинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Іадаташна а тІе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна? Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта. Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тІаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама. ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со. ДегІан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тІе ца гІерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегІ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду. ХІунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегІ чІагІдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Іамар массо а агІор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хІинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чІагІо. Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан цІийнаца а, ЯхІудан цІийнаца а керла барт бен долу. Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чІагІдар гІоле ю, хІума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу. Іаршана тІе хиъна Волчо элира: «ХІинца Ас массо а хІума керла кхуллур ду». ТІаккха Цо элира: «ДІаязде иза, хІунда аьлча хІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».
Выбор основного перевода