Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дІахедае а, шайна тІе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. «ХІай, тур! Айалохьа Сан жаІуьнна тІе, Суна уллора волчу стагана тІе, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Нагахь санна жаІуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагІий дІасадовдур ду. Ас Сайн куьг кІезиг болчарна дуьхьал хьажор ду. Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела, ХІунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца». Бераш! ХІокхул тІаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догІийла яц“, иштта хІинца шуьга а боху Ас изза. Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тІаккха юха а веана, Со волчу дІадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. Цкъа уьш Везачу Элана гІуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гІуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. Іийсах тешачийн хІора тобанехь тхьамданаш а хІиттийна, марханаш а кхобуш, доІанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша. Вовшашца бинчу бартаца шаьш доІа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тІаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама. Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тІеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса.
Выбор основного перевода