Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нах дІа а хьовсийна, Іийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доІа дархьама. Суьйре тІекхаьчча, Иза цигахь Ша вара. Іуьйранна, сатасале, цІера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Іийса. Цигахь Цо доІа дира. Нах дІа а хьажийна, доІа дан лам тІе хьалавелира Іийса. Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Іийса а ваьккхира. Иза доІа дан хІоьттира – стигал еллаелира. Ишттачу цхьана дийнахь лам тІе хьалавелира Іийса Деле доІа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доІанаш деш. Іийсас, Ша висна, доІа дечу хенахь, Цунна тІе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла. Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира. Цкъа Іийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доІа деш вара. Иза доІа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Іамадехьа доІа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Іамадарра».
Выбор основного перевода