Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». «Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“». Іийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дІахІоьттира. Цо Іийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Іийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза». Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КІант велахь, хІокху тІулге бепиг хила ала». Иблисо Іийса Ярушалайме а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КІант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» Іийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза».
Выбор основного перевода