Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Ткъа Сан халкъ долчу хьох лаьцна аьлча, Айса хьоьца цІийца чІагІбина бинчу бертан дуьхьа кхечу махка йийсаре дІабигна хьан нах, хи доцучу ор чуьра санна, арабохур бу. Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цІийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегІаца вайн дакъалацар дийриг? Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан цІийнаца а, ЯхІудан цІийнаца а керла барт бен долу.
Выбор основного перевода