Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас хІора дийнахь Делан цІийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а Іийса хІаллакван лууш бара. Дийнахь Іийсас Делан цІа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тІе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура. Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера. Иштта къамел деш вара Іийса Делан цІийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІекхаьчна яцара. «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. Вай, боданан олаллех кІелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КІентан олалле даьхна Цо.
Выбор основного перевода