Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла. ТІаккха Іийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тІаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш». элира: «Сан дуьхьа хІара бер тІеэцначо Со а тІеоьцу. Ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кІезиг верг а уггар лакхарниг ву». Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода