Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» Ткъа Іийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КІант? Цо леррина Къобалвинарг?» Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу? Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша. Кхузахь Іийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга». Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Іийсага.
Выбор основного перевода