Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тІаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву». Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. Дийнатан цІий Суна сагІина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагІина ма даккха, ткъа Пасахьан сагІа Іуьйренга ма далийта. Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гІаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагІина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун.
Выбор основного перевода