Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. Иза схьалаца дагадеара царна, амма Іийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хІуьттура. И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Іад а витина, дІабахара уьш. Ши де даьлча тІедан дезаш дара «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХІилланца схьа а лаьцна, Іийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Іийсас хІора дийнахь Делан цІийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а Іийса хІаллакван лууш бара. И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура. Іийсас иза аларна, Иза вен кхин а чІогІа тІаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХІунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Іаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Іийсас. Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера.
Выбор основного перевода