Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хІаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дІахьур ду. Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». Шу тІеоьцуш волчо Со а тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. Іийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гІой, хьайн мел долу хІума дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. ТІаккха, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Іийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тІаккха дерриг а нийса хир ду шун. Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. Айхьа шун хІоттош, къенаш, заьІапнаш, астагІнаш, бІаьрзенаш кхайкха. Хазаниг дар а, дика гІуллакхаш шортта дар а тІедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.
Выбор основного перевода