Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тІаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хІума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дІа а делла, цо и зуда шен цІенна тІера дІайохуьйту. «Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дІасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“. Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хІума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву». ТІаккха Іийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву. Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла.
Выбор основного перевода