Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана Іамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гІуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Іаш болчу хенахь шайн дайша Іамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тІехь Іаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цІийно а Везачу Элана Іамал йийр ю». Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». Тешам боцурш! ХІара дуьне дезар Делаца мостагІалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагІа хила лууш верг Делан мостагІа хуьлу. Ткъа хІинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хІинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх деш верг хир вацара со. ХІара дуьне шена дезарна, сох дІа а къаьстина, Тассалник-гІала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана.
Выбор основного перевода