Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Везачу Элана ца дезаш ялх хІума ду, аьлча а, ворхІ ду Цунна дегаза хетарг: Шен бІаьргашкахула стагана дерриг а шен некъаш нийса хета, амма Веза Эла цуьнан дог зуьйш ву. «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Шу шаьш а, тІехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду. Амма Іеламчу стага, бехказавалархьама, хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?» Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хІума дийцира Іийсас: Векалша доІа дира: «Веза Эла! Хьуна хІораннан а дог девза, гайтахьа тхуна
Выбор основного перевода