Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш. Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цІа чохь: иза, хІусамдас вукху ялхошна тІехь куьйгалла дан а хІоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тІаккха серлонан кІентий хир ду шух». Иза а аьлла, Іийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах. Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хІинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш. Шу массо а серлонан кІентий а, дийнан кІентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кІентий дац.
Выбор основного перевода