Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тІе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тІедаьккхина“. ХІусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кІезигчу хІуманна тІехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кІел итт гІала ло ас“. Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гІуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кІеззиг долчу ахчанах. ХІинца аса хьуна кхин а доккха гІуллакх тІедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.
Выбор основного перевода