Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЭлишаІа шен ялхо вахийтира цуьнга дІаала: «Ваха а гІой, Йордан-хи чохь ворхІазза лийча, тІаккха хьан дегІ, карла а даьлла, цІанлур ду». «ХІара халкъ тийна догІучу Шилон-хих ца дашарна, Рицанах а, Рамли-ЯхІун а кІантах а доккхадерна, Шуна моьтту хир ду, Шилонан бІов тІе а йоьжна, велла волу берхІитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара? Цу стага дуьхьал жоп делира: «Іийса цІе йолчу Стага, поппар а бина, и сан бІаьргашна тІе а хьаькхна, элира соьга: „Нах луьйчучу Шилон олучу Іома тІе а гІой, хьайн юьхь йила“. Аса, вахана, юьхь йилира, тІаккха сан бІаьргашна са гира». Амма яхІудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бІаьрзечу стеган бІаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хІара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?» Иза а аьлла, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «ЛаІзар! Аравала!» – аьлла. ТІаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дІахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Іийсас элира цаьрга: «ДІа а вастий, дІавахийта иза».
Выбор основного перевода