Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
И сурт гина болчу парушхоша Іийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу». Нукха-Демис, буьйсанна Іийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХІунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш». Цундела, Іийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Іийсана дуьхьалбевлира. «Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. ТІаккха Іийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира. Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу. Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хІумма а далур а дацара». Юха а, Іийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира.
Выбор основного перевода