Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра. Іийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна? Шуна моьтту хир ду, Шилонан бІов тІе а йоьжна, велла волу берхІитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара? Цул тІаьхьа и стаг Делан цІийнан кертахь а карийна, Іийсас элира цуьнга: «ХІинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама». Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цІийнах дІакъастийра цара и стаг.
Выбор основного перевода