Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таІийна, Іийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КІант ву!» ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». Дала леррина къобалвинчу Делан КІантах Іийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта. ХІунда аьлча Сан Ден лаам бу, хІора а, Со КІант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тІаьхьарчу дийнахь». тІаккха хІинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Іеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КІант ву“, – аларна? Аса хІара яздина шуьга, Делан КІантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дІахаийтархьама.
Выбор основного перевода