Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца го дела а, ладугІуш боллушехь, хІумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“ Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КІант, ткъа Цуьнгахула дуьне кІелхьардалийтархьама ваийтинера. Адамашна тІехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КІентан кара дІаделла Дас, Иза Адамийн КІант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара. Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо». Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо. Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хІунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца. Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХІунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кІелхьардаккха веана ву. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира».
Выбор основного перевода