Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Стенах сатийса деза Іесачо, Дала ша дІатеттича, Цо шен са дІаэцча? Далла хезар дуй те цуьнан тийжар, цунна бохам тІебеача? qac Тqac*къа Хьан бІаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу. Сайн даг чохь ас къа латтийнехьара, Хьалдолчу Элана со дІахезар вацара. Іесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доІа Цунна хезаш ду. Товрат-хьехаме ладогІа хьан лаам ца хилахь, хьан доІа а Везачу Элана дегаза хетар ду. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кІелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац. ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела. Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догІаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугІура“, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цо массо а къомах болу нах тІеоьцу, нагахь уьш Иза лара а лоруш, нийсо лелош белахь! ГІалара гІала а боьлхуш, нахана чуьра жинаш арадохуш лелаш болу цхьаболу жуьгтий, цомгушчу нахана тІехІиттича, Везачу Элан Іийсан цІе йоккхуш хуьлура: «ПахІала Шех лаьцна дуьйцучу Іийсан дуьхьа арадала цу стагана чуьра», – олий. Изза дора жуьгтийн динан коьртачу ден Сакхавин ворхІ кІанта а. Амма цкъа жино элира цаьрга: «Ас Іийса а къобалво, ПахІал а вевза суна, ткъа шу муьлш ду?» – аьлла. И жин шена чохь долу стаг вежарех летира. Етта а йиттина, церан хІуманаш, этІош, дІа а кхийсина, царна тІехь толам баьккхира цо. Берзина, чевнаш йина а болуш, цу цІа чуьра аралилхира вежарий.
Выбор основного перевода