Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх». Дена Шен КІант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КІантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гІуллакхаш гойтур ду Дас Цунна. Іийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хІунда аьлча цунна кху дуьненан серло го. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. Буьйса дІаяьлла, де тІекхаьчна. Цундела боданан гІуллакхех дІа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тІера а ца довлуш, малар тІех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хІума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагІ а йоцуш. Шу массо а серлонан кІентий а, дийнан кІентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кІентий дац. Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. ХІунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха. Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза.
Выбор основного перевода