Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хІусаме, хІунда аьлча иза а ИбрахІиман кІант ву. Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу“. Царна юкъахь Тхьайтир-гІалара еана, Лидия цІе йолуш цхьа зуда яра. Иза цІен деза кІадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахІале ладоьгІучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахІала дуьйцучух тешийтархьама. Цо а, цуьнан цІерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хІусаме а дуьйлий, хьошалгІахь Іе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара. «Везачу Элах Іийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тІаккха хьо а, хьан цІеранаш а кІелхьарбевр бу».
Выбор основного перевода