Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайн дола даккха тІедуьгучу лаьтта тІе шу далийча, Герзим-лам тІера декъалдаран дешнаш дІаала, ткъа Іейбал-лам тІера неІалт кхайкхоран дешнаш дІаала. Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Аша цигахь, оха кхузахь хІинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХІинццалц шух хІораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагІанаш дохура. Шу цкъа хІинца а паргІато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тІе ма ца девлла. Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тІехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагІех Цо, шу паргІат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кІентий а, шун йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, иштта шайн гІаланашкахь Іаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагІанаш дахарх. Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагІанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тІе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш. Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна шина агІор динан дай болчу, тІорказ лелочу левихошна дуьхьал дІахІиттира. Царна юкъахь тІебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Іейбал-ломана дуьхьал дІахІоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тІе-ма-диллара. Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доІа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хІоттийна долу Сан цІа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цІе язъяйтархьама. Ас иза Іалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча: «Везачу Элан цІийнан керта гІо вай». Хьан кевнашкахула а бевлла, тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм Дика цхьаьнатоьхна йина гІала санна, чІагІйина лаьтташ ю Ярушалайм. Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш хьаладогІуш йолу меттиг а циггахь ю. Исраилан халкъана бакъо елла ю Везачу Элан цІарна цигахь хастамаш бан. Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду, Даудан цІийнан паччахьан гІант цигахь лаьтташ ду. Амма оцу юьртарчу наха Іийса тІе ца ийцира, хІунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла.
Выбор основного перевода