Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха кхоалгІачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хІоттийна той дара. Іийсан нана а яра цигахь. Цига кхайкхина бара Іийса а, Цуьнан мурдаш а. ТІаккха, той дІа а дохале, чагІар чекхдолу а гина, Іийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагІар чекхдели-кх кхеран». Ткъа Іийсас элира: «Нана, Суна тІе хІунда дуьллу ахьа и гІуллакх? Сан хан хІинца а тІееана яц». ТІаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де». Цигахь лаьтташ тІулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цІанонна а, юург лелочу пхьегІашна а лелош дара и хи. Іийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тІеххалц хих юьзира. ТІаккха кхин а элира Іийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагІар а доттий, иза той дІакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагІар тІедаьхьира. Той дІахьочо чагІарх чам баьккхира. Ткъа и чагІар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТІаккха той дІахьочо зудаялийнарг шена тІекхайкхира. Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагІар ло мала, ткъа нах бехначул тІаьхьа вониг ло. Ахь дика чагІар хІинццалц ма-латтийна?» Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дІадолийра Іийсас тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тІаккха тийшира Іийсах Цуьнан мурдаш. Іийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тІевеара римхойн тІемалойн хьаькам. Цо гІо дийхира Іийсага: «Эла! ЦІахь, энаша дІа а лаьцна, чІогІа могуш воцуш Іуьллуш ялхо ву-кх сан». ЛадугІуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Іийса Къапарнам-гІали чу вахара. Цигахь цхьа римхойн эскарера тІемалойн хьаькам вара Іаш. Оцу хьаькаман цунна чІогІа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Іуьллуш вара. Іийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кІелхьарваккхахьара аьлла.
Выбор основного перевода