Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
КІелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца». Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. Іийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг». Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. Сох тешначун, Делан Йозанашна тІехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду». Кхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала. Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогІийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.
Выбор основного перевода