Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо». Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХІунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гІуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. Ахьа Сайна тІедиллина гІуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас. Къонза а мелла, Іийсас элира: «Кхочушхили!» ТІаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дІаделира Цо.
Выбор основного перевода