Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Амма, со кхеравеш, суна гинчу гІено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хІуьттучу суьрташа а синтем байира сан. хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Іехорхьама. Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Іийсага: «Иштта хІума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хІун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?» Аса стигалан Іаьрчашкахь а, лаьтта тІехь а тамашийна хІуманаш гойтур ду: цІий, цІе, кІуьран мархаш. Исраилхой, ладогІалаш соьга: Назартара Іийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХІунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а кхочушйора. Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гІуллакхаш дора векалшкахула. ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Іийсан цІарах дарба дан а, тамашийна хІуманаш а, инзаре гІуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!» тамашийначу билгалонийн а, инзаречу хІуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гІалара Иллирик-махкана тІекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дІасабаржийна. И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тІе а чІагІдира, Шен лаамца Шен Са дІаса а даржош.
Выбор основного перевода