Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ТІаккха аша детица кхелина болу шайн цІуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дІадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла. Яьссачу арахь баган-дитт а, акаци а, турс а, акха зайт а дитташ дугІур ду. Эрначу аренгахь зез-дитт а, база-дитт а, баганан дитт а дугІур ду цхьаьний. Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагІаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаІал-цІу дІахІоттийна. Ашур-махке тхо кІелхьардахалур дац. ТІеман динна тІе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хІуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хІунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац». Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тІехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча. Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хІумма а далур дац.
Выбор основного перевода